Сахьтан аса
Сахьтан аса кхетаман ши маьӀна ду:
- Географин сахьтан аса — дуьненан тӀехула ойланца йаьккхина 15° (± 7,5° йуккъера меридианан дехьа а, сехьа а) шуьйра аса. Дуьххьарчу сахьтан асан йуккъера меридиан лору гринвичан меридиан.
- Административан сахьтан аса — тӀехь законо билгала хан хӀоттийна дуьненан. Административан сахьтан асан кхетам йукъатуху кхин а терахьаш цхьаьнакхетар — оцу хьолехь, масала, аса UTC−10:00 а, UTC+14:00 а лору тайп-тайпана, цигахь шинхьа де-буьйсан хан цхьаъ йоллушехь.
Сахьтан асанаш кхоллар (сахьтан зонаш — time zones) доьзна ду, цхьаьна агӀора, Дуьне шен семан гуонахьа хьийзарца лара гӀертарх, ткъа кхечу агӀора, гергара меттигера мелхан хан йукъахь цхьацца сахьт бен доцуш долу мехкаш билгалдахархьама (хенан зонаш). Барт хилира 24 административан сахьтан аса йан, хӀора а аса географин сахьтан асанца мелла а тера йогӀуш хила еза аьлла. Хан лара йолийра гринвичан меридиан тӀиера, (нолан меридиан, нолан сахьтан асан йуккъера меридиан).
ХӀинца хан хӀоттайо дерриг дуьненан координаци йина хенаца (UTC), иза Гринвичан хенан (GMT) меттана йукъайаьккхина. UTC шкалан бух бу цхьа барам болчу атоман хенан шкалаца (TAI), иза йу аьтту болуш нахана йукъахь лело. Дуьненан гуонахьа нолан меридиан тӀиера лерина сахьтан асанаш хуьлу бакъхьара а (малхбалехьа) а, харцхьара (малхбузехьа) дӀасахилла UTC тӀиера. Аьхкенан хан лелочу мехкийн сахьтан аса, хийцало UTC тӀиера аьхкан заманахь.
Россехь 2011 шарахь дуьйна законаца чӀагбина кхетам сахьтан зона.
Дозатохаран принципаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Таханлера сахьтан асанийн бух бу дерриг дуьненан координаци йина хан, цунах йозу йерриг сахьтан асанийн хан. ХӀора дукхаллин градусан (йа хӀора минотана) меттигера хан ца хоттохьама, Дуьне доькъу 24 сахьтан асане. Цхьаьна сахьтан асанера кхечу асане ваьлчи миноташ а, секундаш а ма-йарра йуьсу, хийца ца ло сахьт бен. Цхьацца пачхьалкхашкахь, меттигера хан къастало дерриг дуьненачух дийна сахьташ доцуш, кхин а тӀе 30 йа 45 минотана.
Теоретикехь дуьненан горгалан 24 сахьтан асанийн дозанаш хӀора асанан йуккъерачу меридианан дехьа а, сехьа а 7,5° гена йоьдучу меридианашца хила деза, цу тӀе гринвичан меридианан гуонаха лела дерриг дуьненан хан. Амма меттигашкахь, цхьаьна йа масех административан махкахь цхьа хан хилийтархьама, асанийн дозанаш дӀасахилийна меридианийн теоретикан дозанал. Меттигашкахь сахьтан асанаш йовш меттигаш а нисло. И амал йу 60° шораллал лакхарчу регионийн, масала: Аляска, Гренланди, Российн къилбаседа регионаш.
Къилбаседа а, Къилба а полюсашкахь меридианаш цхьаьнакхета, цундела сахьтан асан кхетаман маьӀна дов, цуьнца цхьаьна меттиган хенан а. Полюсашкахь дерриг дуьненан хан лело йезаш лору, амма Амундсен-Скотт (Къилба полюс) станцехь лела Керла Зеландин хан.
Аьхкенан хан
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Коьрта йаззам: Аьхкенан хан
Кхин тӀе а сахьтан асанийн системана чолхалла йо дукхачу пачхьалкхашкахь аьхкенан хан лелоро. Аьхкенан хене дехьабовлуш дерриг дуьненан хенал шайн хан дӀатотту. Цу тӀе массанхьа а дехьа йа сехьавалар цхьаьна хенахь а ца леладо. Цул сов, нагахь къилба эхиг тӀехь аьхке елахь, къилбаседа эхиг тӀехь Ӏа хуьлу.
Декретан хан
[бӀаьра нисйан | нисйан]Декретан хан — 1930—1931 шерашкахь ССРС йукъадаьккхина хенан низам «асанан хан тӀе цхьаъ сахьт тохар».
Сахьтан асанаш тайп-тайпана мехкашкахь
[бӀаьра нисйан | нисйан]Цхьацца пачхьалкхийн мехкашкахь масех сахьтан аса лелайо. Уггаре дукха сахьтан асанаш йу Российн материкан декъехь (11). Цхьайолу пачхьалкхаш дукха сахьтан асанаш йукъахь йу гӀайренийн а, хӀордал дехьара а мехкаш бахьнехь:
- Йоккха Британи хӀордал дехьара мехкаш — 8 сахьтан аса.
- АЦШ гӀайренан мехкашца (Америкин Самоа, Мидуэй, Виргинийн гӀайренаш (АЦШ), Пуэрто-Рико, иштта кхин а) — 11 сахьтан аса.
- Франци хӀордал дехьара департаменташца а, кхин мехкашца а (Сен-Пьер а, Микелон а, Мартиника, Гваделупа, Французийн Гвиана, Майотта, Реюньон, Къилба-антарктикан мехкаш, Керла Каледони, Валлис а, Футуна а, Французийн Полинези, Клиппертон, кхин цхьа могӀа тӀехь нах беха а, ца беха а гӀайренаш) — 12 сахьтан аса.
Дукхах йолчу пачхьалкхийн мехкаш (оцу йукъахь Франци а, Йоккха Британи а, церан хӀордал дехьара мехкаш а, латтанаш а) лаьтта цхьаьна сахьтан асанехь. Цхьаерш йеха йу пачхьалкхан географин меридианца, цара цхьа аса лелайо. Масала, Цийн латта пхеа географин сахьтан асанехь йу, амма церан берриге а махкахь цхьа хан йу, Цийн стандартан хан.
Цхьацца пачхьалкхашкахь административан-мехкан дакъошкахь лелайо шиъ йа сов сахьтан асан хан. Масала, кхаа сахьтан аса лелайо Российн Федерацин субъект йолчу Республика Сахано (Якути) а, канадан мехко Нунавута а.
АЦШхь а, Канадехь а сахьтан асанийн доза доькъу штато, провинцис йа мехко, хӀунда аьлча цхьаьнан йа вукхан мехкан долахь хилар йа асанехь хилар билгалдоккху шолгӀачу низаман административан-мехкан тӀегӀанехь (графалла йа гуонаш).
Шиъ йа сов сахьтан асанаш йолу пачхьалкхаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Таблицехь гайтина цхьацца пачхьалкхаш, материкан йа коьртачу мехкан декъехь шиъ йа сов сахьтан аса лелош йолу (масала, ХӀиндонези).
Страна | Число часовых поясов |
Самый западный часовой пояс |
Самый восточный часовой пояс |
Переход на летнее время |
---|---|---|---|---|
Австрали | 3 | UTC+8 | UTC+10 | массанхьа йац |
Бразили | 3 | UTC−5 | UTC−3 | массанхьа а йац |
Демократин Республика Конго | 2 | UTC+1 | UTC+2 | йац |
ХӀиндонези | 3 | UTC+7 | UTC+9 | йац |
Кхазакхстан | 2 | UTC+5 | UTC+6 | йац |
Канада | 6 | UTC−8 | UTC−3:30 | массанхьа йац |
Мексика | 4 | UTC−8 | UTC−5 | массанхьа йац |
Монголи | 2 | UTC+7 | UTC+8 | йац |
Росси | 11 | UTC+2 | UTC+12 | йац |
АЦШ | 5 | UTC−9 | UTC−5 | массанхьа а йац |
Сахьтан асанийн исписка
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хан
[бӀаьра нисйан | нисйан]Терахьашца хан гойту сахьат:
Хьажа. кхин
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]
ХӀара чекхбаккханза йаззам бу. Хьоьга, йоза тодина, нисдина, гӀо далур ду проектана. ХӀара дехар ду, хьай аьтту балахь хийца йоза билгала долучуьнца. |
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |