Резистор
Рези́стор (инг. resistor, лат. resisto — «дуьхьало яр» бохучух схьадаьлла) — электрикин зӀен партал элемент. Идеалехь цуьнан тоькан дуьхьало яр доцург кхин билгало хила ца еза. Идеалан резисторин даима зӀен декъан Оман закон нийса хила деза: резисторан тӀехь йолу цӀеххьана булам нийса пропорцехь хила еза цунахь чекх йолу токаца . Амма муьлха а резисторан, мел а елахь, йолуш ю паразитан токан чухоам а, паразитан индуктивность а, сизийн йоцу вольтан-амперан характеристика.
Резистораш схемаш тӀехь билгалъяхар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Россиехь схемаш тӀехь йолу билгалонаш ГОСТ 2.728-74 нийса хила еза. Оцу ГОСТаца хийца ца луш йолу резисторийн билгалонаш таблицехь ма-ярра хила еза:
- а) таханлера даймехкан схеманаш тӀехь резистораш билгалъяхар (ГОСТ 2.728-74).
- б) резистораш билгалъяхар кхочу пачхьалкхан схемашан тӀехь а, хьалхалера даймехкан схеманаш тӀехь
Хийцаме а, нислуш йолу а, сизийн йоцу а резистораш билгалйоху некх:
Резисторах хӀотталуш йолу зӀенаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Резистораш тӀаьхьа-хьалха вовшахтасар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Резистораш тӀаьхьа-хьалха вовшахтесча цера дуьхьаллонаш вовшахкхета:
Потенциалашан бухадисинарг лара цуьнан дакъош вовшахтог1а дезар бахьнехь:
Оман законас ма баххар, булам х1ора резисторан т1ехь болу равно:
Заряд йисар законо боху, массо а резисторан чухула цхьатера ток йодуш ю . Цундела, булам вовшахтохар формуличу Оман закон х1оттийча, д1аяздо:
Дерриг токан т1е доькъу . Т1аьххьаре а цунах хуьлу:
Массо резистор цхьатерра хилча , церан цхьанакхетта дуьхьало хуьлу.
Резистораш хьалха-тӀаьхьа вовшахтесча церан цхьанакхетта дуьхьало массарел йоккха дуьхьало йолчу резисторел йоккха хуьлу.
Резистораш параллельно вовшахтасар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Резистораш параллельно вовшахтесча, церан чекхъялийтарша (дуьхьалон дуьхьал йолу йокхалланаш) вовшахкхета. Церан вовшахкхетта чекхъялийтар массо резисторийн чекхъялийтарш вовшахтоьхча хуьлу.
ЗӀе масийтта хьалха-тӀаьхьа я параллельно вовшахтесначу декъа екъалуш елахь, цкъа хьалха хӀора декъан дуьхьало лору. Таккха массо а декъа дуьхьало цхьаьна мел хир ю лору.
Ток екъаелча а цуьнан заряд юсу, цундела:
Оман законас ма баххара, х1ора резистор чухула йодуш йолу ток ю: , амма х1ора резисторан т1ехь йолу потенциалийн башхалла цхьатера хир ю, цундела ерриг токан уравнени д1аязъя йиш ю:
Ерриг уравнени якъча вайн хуьлу ерриг а чекхъялийтар а , ерриг дуьхьало а
Параллельно вовшахтесна йолу шина резисторан дуьхьало ю: .
Массо а резисторан дуьхьало цхьатера елахь , цера вовшахкхетта дуьхьало ю.
Параллельно вовшахтесначу резисторийн дуьхьало царех массарел жимачул жима хира ю.
Резистораш ийна вовшахтасар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Схема хӀотталуш ю шина параллельно вовшахтесна блоках. Царех цхьаъ ю шина хьалха-тӀаьхьа вовшахтесна резисторех хӀотталуш а, а, цера ерриг дуьхьало ю , важа ю резисторех , цера еррига чекхъялийтар ю , еррига дуьхьало ю .
Хьалха-тӀаьхьа я параллельно вовшахтесна блокашна зӀе екъалуш йацахь лелайо Кирхгофан бакъо. Наггахь ларар атта хилийта лелайо «кхосаберг — седа» цӀе йолу хийцар.
Булам боькъург
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Нагахь санна R=9R1, таккха UWY=0,1UWE, чубогӀу булам 10-за жимлур бу.
Резисторийн классификаци
[бӀаьра нисйан | нисйан]Резистораш тоька тӀехь болх бечу аппаратурин дакъош ду. Уьш дӀакъастийна а хила тарло, микросхемашна чохь а хила тарло. ДӀакъастийна резистораш шайн Вольт-амперан характеристике (ВАХ) а, монтаж яран некъе а, дуьхьало хийцаяларе а, яран технологига а хьаьжна тайпанашка йекъало[1].
Резистораш Ӏалашо хьаьжна йекъайалар:
- йукъара Ӏалашойн резистораш;
- лерина йина резистораш:
Церан дуьхьало хийцаяларе хьаьжна:
- Хийцалуш йоцу резистораш;
- хийцалуш йолу резистораш;
- нислуш йолу резистораш.
Ларъяран некъе хьаьжна:
- къаьстина;
- къастазъяза;
- вакууман;
- герметизаци йина.
ДӀахӀоттаяран некъе хьаьжна:
- зорбан монтажан йина;
- тӀеуллу монтажан йина;
- микросхемашна а, микромодулишна а йина.
Вольт-амперан характеристикин хьаьжна:
- сизийн резистораш;
- сиздоцу резистораш:
- варистораш — дуьхьало хийцало буламе хьаьжна;
- терморезистораш — дуьхьало хийцало температуре хьаьжна;
- фоторезистораш — духьало хийцало серлоне хьаьжна;
- тензорезистораш — дуьхьало хийцало деформаце хьаьжна;
- магниторезистораш — дуьхьало хийцало магнитан майдане хьаьжна.
Яран технологин хьаьжна:
- Серийн резистораш. Уьш ю лакха декъан дуьхьало йолу цхьана хӀозан тӀехьарчийна серийн юхк. Цера хуьлу йоккха паразитан индуктивность. Йоккха дуьхьало йолу жима серийн резистораш наггахь йо буткъа серех.
- Чкъоран эчиган резистораш. Уьш ю дуткъа лакха декъан дуьхьало йолу кхийран чӀун тӀе чан тоьхна эчиган чкъор. Цера юхьигаш тӀе серий болу эчиган кедаш тӀебухку. Наггахь дуьхьало сов яккха чкъорехь винтан хир доккху. Оцу тайпан резистораш массарелла а яржина ю.
- Эчиган фольган резистораш. Дуьхьало яш йолу материал ю юткъа эчиган лента.
- КӀоран резистораш. Уьш хуьлу чкъоран а, чухоаме а. Цара лелайо графитан лакхара декъан дуьхьало.
- Интегральни резистораш. Цара лелайо къизиг легировани ах-проводникан дуьхьало. И резистораш хуьлу лекха вольт-амперан характеристикин сизйоцуш. Дукха хоьлехь уьш лелайо интегральны микросхеманан юкъахь, кхоьчу тайпа резистораш лело аьтту боцучеш.
Промышленностьс арахоьцу резистораш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Промышленностьс арахоьцу цхьана номиналан резисторийн дуьхьалонаш дӀасаяржина хуьлу. И дӀасаяржар ю резистор яран нийсонца йозна. Резистораш яр нийсо хуьлу 20 %, 10 %, 5 %, и. к. д. 0,01 % тӀекхаччалц[2]. Номинал луург хуьлуьла дац: уьш хоржа леррина йина номиналан моггӀера, дукха хьолехь E6 (20 %), E12 (10 %) я E24 (5 %). Номиналаш кхиъ нийса хила езахь лелайо царелла нийса могӀанаш (масала, E48).
Резистораш къастош ю цера уггара лакхара дӀасабаржош болу нуьцкъаллица (ГОСТ 24013-80 а, ГОСТ 10318-80 а схьа ма боху советан радиотехникан промышленностьс арахоьцура резистораш лахахь багарбина нуьцкъала болуш, Ватташкахь, Вт.: 0.01, 0.025, 0.05, 0.062, 0.125, 0.5, 1, 2, 3, 4, 5, 8, 10, 16, 25, 40, 63, 100, 160, 250, 500)[3]
Резисторашна тӀехь хуьлу билгалонаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Жима нуьцкъала болу резистораш чӀогӀа кеги ю. Цера йохалла масийтта миллиметр ю, диаметр цхьаъ миллиметр гергга ю. Царна тӀехь яздинарг къестира дац. Цундела царна тӀехь иттанийн тӀадаман меттин яздо дуьхьало гойту элп (К — килоомашна меттин, М — мегоомашна меттин, Е я R — омашна меттин). Цул совнах, массо а номинал гойту кхаа элпаца. Масала, 4K7 йозанас билгал йоккху 4,7 кОм дуьхьало йолу резистор, 1R0 — 1 Ом, М 12 — 120кОм (0,12 МОм) и. к. д. Амма иштта кеги йоза язда а, деша а хала ду. Цундела резисторашан тӀе цера дуьхьало гайта бес-беса сизниш дохку.
20 % нийсо йолу резисторашан тӀе кхо сиз хьокху, 10 % а, 5 % а нийсо йолу резисторашан — диъ сиз, царелла а нийса йолу резисторашан — пхиъ а, ялх а. Хьалхара шина сизас гойту номиналан хьалхара ши элп. Сиз 3 я 4 делахь, кхозлугӀа сизас гойту иттанийн оьцург (иттан степень). 4 сиз делахь, тӀеххьар сизас гойта резисторан нийсо. 5 сиз делахь, кхозлугӀа сизас гойту дуьхьалин кхозлугӀа элп, 4-гӀа сизас гойту иттанийн оьцург, 5-гӀа — нийсо. 6-гӀа сиз делахь, цо гойту дуьхьаллин температуран коэффициент. 6-гӀа сиз 1,5-за вукха сизашал шуьра делахь, цо гойту резисторан тешамалла (1000 сохьтехь болх бича галъяларан %)
Наггахь нисло 5 сиз долу резистораш амма стандартан (5 я 10 %) нийсо йолуш. Иштта меттехь хьалхара 2 сизас гойту номиналан хьалхара элпаш, 3-гӀа сизас гойту иттанийн оьцург, 4-гӀа сизас гойту нийсо, 5-гӀа сизас — температуран коэффициент.
Бос | терахь санна | иттанийн оьцург санна | нийсо санна, % | ТКС санна, ppm/°C | тешамалла санна, % |
---|---|---|---|---|---|
детиха | — | 1·10−2 = «0,01» | 10 | — | — |
дашо | — | 1·10−1 = «0,1» | 5 | — | — |
Ӏаьржа | 0 | 1·100 = 1 | — | — | — |
боьмаша | 1 | 1·101 = «10» | 1 | 100 | 1 % |
цӀен | 2 | 1·10² = «100» | 2 | 50 | 0,1 % |
цӀехо-можа | 3 | 1·10³ = «1000» | — | 15 | 0,01 % |
можа | 4 | 1·104 = «10 000» | — | 25 | 0,001 % |
баьццара | 5 | 1·105 = «100 000» | 0,5 | — | — |
сийна | 6 | 1·106 = «1 000 000» | 0,25 | 10 | — |
шекъанан басахь | 7 | 1·107 = «10 000 000» | 0,1 | 5 | — |
мокха | 8 | 1·108 = «100 000 000» | — | — | — |
кӀайн | 9 | 1·109 = «1 000 000 000» | — | 1 | — |
йац | — | — | 20 % | — | — |
- Масал
- Хуьлуьтур вайн резисторан тӀехь диъ сиз: боьмаша, Ӏаьржа, цӀен, дашо. Хьалхара шина сизас ло 1 0, 3-гӀа 100, 4-гӀа сизас гойту нийсо 5 %. Дерриг а хуьлу дуьхьало 10·100 Ом = 1 кОм а, нийсо ±5 % йолу резистор.
Бесан билгалонаш дагахь сацо хала дац: Ӏаьржа 0 а, боьмаша 1 тӀехьа стелаӀадан бесаш боьдуш бу. И билгалонаш ингалсан пачхьалкхашахь кхоьллина хиларан бахьнехь сийна а, стигалан бос а къастош бац.
Иштта и билгалонаш дагахь сацо лело йиш ю мнемоникан бакъо: «Часто Каждый Красный Охотник Желает Знать Сколько Фазанов Село в Болоте». Оцу предложенин хӀора дешан хьалхара элпас гойту оьрсийн маттахь йолу бесан цӀе.
Резисторан номинал къасто атта хилийта йолуш ю и болх беш йолу программанаш.
Резистор симметри йолу хӀума ю. Цундела муьлха агӀора сизниш деша деза кӀасто хала хила тарло. Диъ сиз долу билгало йолу 5 я 10 % нийсо йолу резисторашна и къасто атта ду: дашо я дато сиз тӀаьххьара ду. Кхо сиз хилча хьалхара сиз йисте оьзна хуьлу. ХӀуъа хилча а номиналан могӀара дуьхьало нисъяла еза. Иза нислуш йацахь билгало кхоьчу агӀорера еша еза. СССРх йина 4 сиз долу МЛТ-0,125 резисторашна тӀехь хьалхара лоруш ду йисте оьзна диллина сиз.
5 сиз долу Panasonic резисторашна тӀера йоза деша резистор нисъя еза ша летташ долу сиз аьтту агӀор летташ. ТӀаккха хьалхара шина сизас гойту хьалхара ши терахь, 3-гӀа сизас гойту иттанийн оьцург, 4-гӀа сизас гойту нийсо, 5-гӀа сизас — резистор лелайо меттиг.
Ша-тайпа меттиг ю бесан билгало лелаяр дуьхьало йоцу тӀайнаш. Уьш билгал йоху юккъе диллина цхьана Ӏаьржа сизца. И тӀайнаш леладар бахьан ду дийригашна шайн вовшахтосу автоматаш нисъяран харжаш лахъя лаар.
SMD-резисторашан билгалонаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дуьхьало йоцу «резистораш» (платин тӀе хӀоттадо тӀайнаш) билгалдоху цхьана терахьца «0». Терахьаш сов делах:
3 я 4 терахьца билгало яр
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ABC билгалдо AB•10C Ом
- Масала, 102 — иза 10•10² Ом = 1 кОм
- ABCD билгалдо ABC•10D Ом, нийсо 1 % (могӀа E96)
- Масала, 1002 — это 100•10² Ом = 10 кОм
1кОм = 1000 Ом
Билгало яр терахь-терахь-элп (JIS-C-5201)
[бӀаьра нисйан | нисйан]МогӀа E96, нийсо 1 %.
Дуьхьалон мантисса m билгал йоккху шина 2 терахьца (хьажа таблице), 10 уллехь йолу степень гойту элпас.
Масала: 09R = 12,1 Ом; 80E = 6,65 МОм; массо а 1 %.
- S = 10−2
- R или X = 10−1
- A = 100 = 1
- B = 101
- C = 10²
- D = 10³
- E = 104
- F = 105
код | m | код | m | код | m | код | m | код | m | код | m | |||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
01 | 100 | 17 | 147 | 33 | 215 | 49 | 316 | 65 | 464 | 81 | 681 | |||||
02 | 102 | 18 | 150 | 34 | 221 | 50 | 324 | 66 | 475 | 82 | 698 | |||||
03 | 105 | 19 | 154 | 35 | 226 | 51 | 332 | 67 | 487 | 83 | 715 | |||||
04 | 107 | 20 | 158 | 36 | 232 | 52 | 340 | 68 | 499 | 84 | 732 | |||||
05 | 110 | 21 | 162 | 37 | 237 | 53 | 348 | 69 | 511 | 85 | 750 | |||||
06 | 113 | 22 | 165 | 38 | 243 | 54 | 357 | 70 | 523 | 86 | 768 | |||||
07 | 115 | 23 | 169 | 39 | 249 | 55 | 365 | 71 | 536 | 87 | 787 | |||||
08 | 118 | 24 | 174 | 40 | 255 | 56 | 374 | 72 | 549 | 88 | 806 | |||||
09 | 121 | 25 | 178 | 41 | 261 | 57 | 383 | 73 | 562 | 89 | 825 | |||||
10 | 124 | 26 | 182 | 42 | 267 | 58 | 392 | 74 | 576 | 90 | 845 | |||||
11 | 127 | 27 | 187 | 43 | 274 | 59 | 402 | 75 | 590 | 91 | 866 | |||||
12 | 130 | 28 | 191 | 44 | 280 | 60 | 412 | 76 | 604 | 92 | 887 | |||||
13 | 133 | 29 | 196 | 45 | 287 | 61 | 422 | 77 | 619 | 93 | 909 | |||||
14 | 137 | 30 | 200 | 46 | 294 | 62 | 432 | 78 | 634 | 94 | 931 | |||||
15 | 140 | 31 | 205 | 47 | 301 | 63 | 442 | 79 | 649 | 95 | 953 | |||||
16 | 143 | 32 | 210 | 48 | 309 | 64 | 453 | 80 | 665 | 96 | 976 |
Билгало яр элп-терахь-терахь
[бӀаьра нисйан | нисйан]E24 а, E12 могӀанаш, нийсо 2 %, 5 %, 10 % (E48 могӀа лелош бац).
10 уллехь йолу степень гойту элпас (1 % нийсо йолу резисторашан санна, лакхара списке хьажа). Дуьхьалон мантисса m а, нийсо а гойту 2 терахьаш (хьажа таблице).
Масала:
- 2 %, 1,00 Ом = S01
- 5 %, 1,00 Ом = S25
- 5 %, 510 Ом = A42
- 10 %, 1,00 Ом = S49
- 10 %, 820 кОм = D60
2 % | 5 % | 10 % | |||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
код | m | код | m | код | m | ||
01 | 100 | 25 | 100 | 49 | 100 | ||
02 | 110 | 26 | 110 | 50 | 120 | ||
03 | 120 | 27 | 120 | 51 | 150 | ||
04 | 130 | 28 | 130 | 52 | 180 | ||
05 | 150 | 29 | 150 | 53 | 220 | ||
06 | 160 | 30 | 160 | 54 | 270 | ||
07 | 180 | 31 | 180 | 55 | 330 | ||
08 | 200 | 32 | 200 | 56 | 390 | ||
09 | 220 | 33 | 220 | 57 | 470 | ||
10 | 240 | 34 | 240 | 58 | 560 | ||
11 | 270 | 35 | 270 | 59 | 680 | ||
12 | 300 | 36 | 300 | 60 | 820 | ||
13 | 330 | 37 | 330 | ||||
14 | 360 | 38 | 360 | ||||
15 | 390 | 39 | 390 | ||||
16 | 430 | 40 | 430 | ||||
17 | 470 | 41 | 470 | ||||
18 | 510 | 42 | 510 | ||||
19 | 560 | 43 | 560 | ||||
20 | 620 | 44 | 620 | ||||
21 | 680 | 45 | 680 | ||||
22 | 750 | 46 | 750 | ||||
23 | 820 | 47 | 820 | ||||
24 | 910 | 48 | 910 |
Кхийолу резисторийн билгалонаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дуьхьало температурица доьзна хилар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Эчиган а, серийн а резисторийн дуьхьало къеззига доьзна ю температурица. И доьзна хилар сизийн ю
,
хӀунда аьлча, 2-гӀа а, 4-гӀа даржан коэффициенты чӀогӀа къезга ю, уьш дукха холехь ца лара мегир ду. коэффициентах олу дуьхьалон температуран коэффициент. И бахьнехь резистораш лело йиш ю термометраш яш. Полупроводникан резисторийн дуьхьало кхиъ лакхар ю.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Аксенов А. И., Нефедов А. В. Элементы схем бытовой радиоаппаратуры. Конденсаторы. Резисторы. — C. 126
- ↑ ITC-Electronics — Прецизионные резисторы SMR1DZ и SMR3DZ Архивйина 2014-09-13 — Wayback Machine
- ↑ А. А. Бокуняев, Н.М, Борисов, Р. Г. Варламов и др. Справочная книга радиолюбителя-конструктора.-М.Радио и связь 1990—624 с.: ISBN 5-256-00658-4
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Резистор Викилармехь |
- Цветовое кодирование резисторов и подбор номиналов из стандартного ряда
- Цветовая маркировка резисторов, конденсаторов и индуктивностей Архивйина 2016-04-05 — Wayback Machine
- Резисторы пусковых и пускорегулирующих реостатов
- ГОСТ 10318-80. Резисторы переменные. Основные параметры Архивйина 2013-01-16 — Wayback Machine
- Классификация резисторов по используемым материалам и технологии изготовления
- Характеристики резисторов. Выбор по параметрам
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Резисторы (справочник) / под ред. И. И. Четверткова — М.:Энергоиздат, 1991
- Аксенов А. И., Нефедов А. В. Элементы схем бытовой радиоаппаратуры. Конденсаторы. Резисторы: Справочник. — М.: Радио и связь, 1995. — 272 с. — (Массовая радиобиблиотека; Вып. 1203).
- Справочник по элементам радиоэлектронных устройств / под ред. В. Н. Дулина, М. С. Жука — М.:Энергия, 1978
ХӀара йаззам Нохчийн Википедин хаьржинчарех бу |