Протестанталла
Протестанталла я протестантизм[1] (латинан маттер схьадеъна protestatio дош ду; нохчийн матте гочдича «дуьхьало яр, сийлахь-деза дӀахьедар, дӀакхайкхор, чӀагӀдар» маьӀна ду цуьнан)- ортодоксалла а, католицизм а санна керстачу динан коьртачарех цхьа некъ бу. Кеп хӀоттича иза цхьанатоьхна шайн лаамехь йолу килсийн а, килсийн бертийн а, деноминацийн а вовшахкхетар ду.
Протестантизман схьадалар доьзна ду Реформацица (Хийцадаларца)- XVI-чу бӀешарахь Европехь католицизман дуьхьало йинчу шуьйрачу боламца.
Хабар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Протестанталла кхоллайелла Европехь XVI-чу бӀешаран хьалхарчу декъехь. Иза кхоллайелла керста нах Руман-католикийн килсан реза ца хиларна а, цу килсан оппозици санна а. Оцу муьрехь Хийцадалар (Реформаци) (лат.мат.reformatio) олу. Протестантийн лакхара Ӏалашо яра апосталийн керсталле юхадерзар.
Реформацин агӀончаш дийцарехь, дукха схоластикан теологин а, Ӏадатийн дакъош а леладарна Риман-Католикийн килс хьалхарчу керстанан миссех а, принципех а юхаяьллера.
Динан карчаман (революцин) хьалхаваьлларг Лютер Мартин вара. Цуьнан хьалхара килсан политикна дуьхьал йукъараллин къамел хилира 1517 шарахь эсаран (октябран;гӀадужу) 17-чохь. Цо нахала яьккхира доьзткъе пхийтта (95) тезис. Церан чуламацехь Мартино критика йора- килсас Ӏараф а, индульгенциш а йохкар а, эвлаяаш динчу гӀуллакхашца кӀелхьардаха гӀертар а, белчарна тӀера доӀанаш дара а. Цул сов, цо керстдора Папан Ӏедал а, мозгӀарийн ша-тайпа ниӀмат а, цуьнан адам кӀелхьардаккхарехь юкъарло а, килсан ламасташ а, Килс дуьненан Ӏедалан долаллехь хилар а[2].
ЦӀе схьаялар
[бӀаьра нисйан | нисйан]«Протестантизм» билгало схьайаьлла Шпайер-шахьрехь немцойн элаш Лютерхьа гӀодоккхуш протест йинчул тӀаьхьа. 1521-чу шарахь арахецначу Вормскан эдиктан тӀехь папан нунцино Ӏаткъам барца Мартин Лютер зуламе еретик хилар кхайкхира. Цу питанина дуьхьал 1526-чу шеран Хьалхарчу Шпейеран рейхстаго лютеранаш-элаш тӀедожорца Вормскан эдикт йолуш хилар саца а дира poгӀepa рейхстаг хиллалц.
Амма 1529-чу шеран Шпайеран рейхстаго Вормскан эдикт карлаяьккхира. Динчун резабоцуш рейхстагехь хиллачу элаш (пхеаммо) а, Сийлахьчу Риман империн дейтта векало а «Шпайеран протестаци» дӀакхайкхира. Цу кехатан цӀарца Реформацин лархойх протестанташ олура. Ткъа Реформацин муьрехь кхоллайелла католикийн боламехь доцучу динийн вовшахкхетарехь «протестантизм» олу[3].
Динан Ӏилма
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ортодоксан теологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Реформаци (Хийцадалар)
[бӀаьра нисйан | нисйан]XVI-чу-XVIII-чу оьмарехь кхоллайелла динан Ӏилманах шира (классикан) теологи олу. Цу муьрехь гучуяьхна Реформацин коьрта ойланаш (идейш) а, вовшахтоьхна цуьнан догматин а, практикан а динан Ӏилма а. Шира теологи ша-тайпана протестантизман «ортодокси» ю. Циг чу юкъайоху рогӀера кхетамаш: адам Делах тешарца цӀандалар а, массеран йукъара мозгӀаралла хилар а, Библи къаьсттина ларар а, адамо летош долу къинош Делера схьадалар а, кӀелхьарваларан таро Делан ни1матца бен ца хилар.
Ша Хийцадаларан (Реформацин) динан Ӏилманан жамӀ хиларе терра а, иштта цу заманан Руман-католикийн килсан дуьхьал хиларе терра, цуьнан кхетамаш билгалбаьхна Quinque sola принципшца- пхиъ латинийн тезис «Пхиъ „бен кхин хӀума дац“». Массеран йукъара мозгӀаралла санна Quinque sola принципаш кхузаманан протестантизман Ӏилманан бух бу.
Ширачу (классикан) динан Ӏилманан коьрта тезисаш:
1. Библи башха Делера дог ирахӀоттош а, бакъ долу Делан дош ду, иштта цхьаъ бен доцу кхеташ долу (дуьйцийла йоццуш) керстанийн доктринан хьоста ду.
2. Дикачу гӀуллакхашца а дозуш доцуш, гечдар Делера бен хила йиш йац.
3. Адам кӀелхьардалар Делан беркатца бен хила йиш йац.
4. Ӏийса цхьаъ бен воцу Делан а, адаман а юккъахь волу юкъарлонча ву. КӀелхьарвалар цунах тешарца бен хила таро йац.
5. Адамо Делан бен хьурмат а, вирд а даккха ца деза. КӀелхьарвалар Цуьнан гӀуллакхашца а, лаамца а бен хуьлийла дац.
Ширачу (классикан) динан Ӏилма дӀаяздина ду Реформацин динлелоран кехаташ тӀехь: 1563-чу шеран Гейдельберган Катехизис (Немцойчоь), 1580-чу шеран Бертан Жайна (Немцойчоь), 1618—1619 шерийн Дордрехтера Синодан Канонаш а (Дордрехт,Нидерландаш), 1643—1649 шерийн Вестминстеран динлелор а (Вестминстеран аббати, Лондон, Йоккха Британи).
Протестантизман ширачу теологин бухбиллархой бу Лютер Мартин а, Жан Кальвин а, Цвингли Ульрих а, Филипп Меланхтон а.
Дукхалла а, даржар а
[бӀаьра нисйан | нисйан]№ | Килс | Иймандерш | Дин |
---|---|---|---|
1 | Делан Ассамблей | 67 500 000 | ШовзткъеиттолгӀахой |
2 | Ингалсан килс | 25 000 000 | Англиканаш |
3 | ВорхӀолгӀачу дийнан адвентисташ | 25 000 000 | Адвентисты |
4 | Германин Инжилан килс | 23 700 000 | Лютеранаш а, реформаташ а |
5 | Нигерин англиканан килс | 18 000 000 | Англиканаш |
6 | Къилбера баптистийн конвенци | 16 200 000 | Баптисташ |
7 | «Ӏийсан тӀехь Китай» килс | 12 000 000 | ШовзткъеиттолгӀахой |
8 | Цхьаьнакхетта методистийн килс | 12 000 000 | Методисташ |
9 | Угандан килс | 11 000 000 | Англиканаш |
10 | Китайн инжилан вошалла | 10 000 000 | ШовзткъеиттолгӀахой |
Хьостанаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ * Протестантство // Ефремова Т. Ф. Новый словарь русского языка. Толково-словообразовательный: Св. 136000 словарных статей, около 250000 семантических единиц : В 2 т. — М.: Рус. яз., 2000. — (Библиотека словарей русского языка). — ISBN 5-200-02800-0.
- Протестантство // Словарь русского языка: В 4-х т. / АН СССР, Ин-т рус. яз.; Под ред. А. П. Евгеньевой. — 2-е изд., испр. и доп. — М.: Русский язык, 1981—1984.
- Протестантство // Толковый словарь Ушакова
- Протестантство // Большой толковый словарь русского языка: А-Я / РАН. Ин-т лингв. исслед.; Сост., гл. ред. канд. филол. наук С. А. Кузнецов. — СПб.: Норинт, 1998. — 1534 с. — ISBN 5-7711-0015-3.
- ↑ ПРОТЕСТАНТИЗМ // Энциклопедия истории Украины // Институт истории Украины НАН Украины
- ↑ Протестантизм / О. В. Куропаткина // Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов. — М. : Большая российская энциклопедия, 2004—2017.