Картол
Картол | |||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| |||||||||||||||||||
Ӏилманан классификаци | |||||||||||||||||||
йуккъера рангаш
|
|||||||||||||||||||
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе | |||||||||||||||||||
Solanum tuberosum L., 1753 | |||||||||||||||||||
Синонимаш | |||||||||||||||||||
Список синонимов[1]
|
|||||||||||||||||||
|
Картол (лат. Solánum tuberósum), — Паслёнанаш (Solanaceae) доьзалера Паслён (Solanum) тайпана бецийн ораматийн орамстоьмийн дукхашерийн кеп. Картолан орамстоьмаш ладаме кхачан сурсаташ ду. стоьмаш дӀевше ду, цуьнца соланин хиларна.
ЦӀе
[бӀаьра нисйан | нисйан]Картолан хӀинцалера Ӏилманан цӀе 1596 шарахь йукъайалийна Баугин Каспара[2] «Theatri botanici» белхан чохь, тӀаьхьуо и цӀе лелийна Линнейс шен «Species Plantarum» белхан чохь[3] (1753).
Тайп-тайпанчу хенашкахь кхечу авторша кхин Ӏилманан цӀераш язйора, цара хӀинца картолийн кепана синонимика хӀоттайо.
Нохчийн дош «картол» схьадаьлла оьрсийн «картофель» дашах, ткъа иза схьадаьлла нем. Kartoffel, иза шен рогӀехь, схьадаьлла итал. tartufo, tartufolo — трюфель[4].
Ботаникан а, морфологин а амал
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бецан орамат 1 метр локхалле кхочу.
ГӀад дйерзина, пӀенданашца ду. Лаьттаха доьллина гӀодан дакъано, хоьцу йеха зуьгалаш (йохалла 15—20, цхьайолчу сортийн 40—50 см).
Картолан гӀа таьӀна-баьццара, хедда, цхьала месах тера декъна, лаьтта чеккхенан дакъанах, масех шала цхьаъ вукханна дуьхьала долу (3—7) агӀон тӀиера дакъанех, царна йукъара дакъанех а. Шала доцучу декъахь чеккхенан дакъа олу, шала дакъойн могӀанан цӀераш хуьлу — хьалхарнаш, шолгӀанаш, кхин дӀа а (чот лелайо тӀаьххьара декъе кхаччалц). Дакъош чӀу тӀе хевшина ду, лахарчу декъехь цунах га хуьлу. Шала дакъошна уллехь кхин а кегийра дакъош лаьтта.
Зезагаш кӀайн, ровзанан, шйекъа басахь, гулдина турсе гӀадан боьххьехь, кедалг а, заза а пхеа декъера ду[5].
Дебаран гӀашшан чоьтара, гӀадан лаьттан бухарчу декъехь довлу зуьгалаш — столонаш, цара, боьххьехь стоммалуш, ло керла орамстоьмаш (кеп хийцина зуьгалш). Столонашна чеккхенгашкахь кхуьу орамстоьмаш, уьш, ма-дарра аьлчи, хӀумма а йац, йаккхий хилла патарш боцург, йерриг масса а лаьтта йуткъа, сенаш болчу крахмалах йуьзинчу клеткех, ткъ а тӀехулара дакъа лаьтта дуткъа чкъоьрах. Орамстоьмаш кхиина довлу августехь — сентябрехь.
ХӀу — шен кепаца жима бадаржах тера, диаметрехь 2 см долу, дуккха хӀушшах латта, таьӀна-баьццара, дӀевше цӀазам.
Ораматан баьццарчу вегетативан дакъошкахь ду алкалоид соланин, цуо ларйо орамат бактерех а, цхьацца кепарчу сагалматех а. Иза бахьнехь баьццара картолан орамстоьмаш дууш дац, делахь а уьш 1 см лаьттах йоьхкича а, ехха йовхонан Ӏаткъам бича уьш яа мега.
Биологин башхаллаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Картол йаьржа вегетацица — кегийра орам-стоьмашца йа орам-стоьмийн дакъошца (селекцин Ӏалашонна — хӀушца а). Уьш йуьй 5 - 10 см кӀорге.
Орам-стоьмашна зӀийдигаш йовла йолало лаьтта бухахь 5-8 °C (картолан зӀийдигаш яларан оптимум температура 15-20 °C) йолуш. Фотосинтезан, гӀад кхиаран, гӀашна, заза даларна — 16-22 °C оьшу. Уггаре жигара орам-стом кхуь буьйсенан хӀаваан температур 10-13 °C хилча. Лакхара температуро (буьйсенан 20 °C гергга а лакхара а) хӀу талхадо. ХӀух баьлла орам-стоьмо кӀезиг картол ло. ЗӀийдигаш а, къуона ораматаш а телха −2 °C гӀуоролаш хилчи. Картолан транспирацин коэффициент йуккъера барам 400—500 бу.
Уггаре дукха хи деза ораматна заза долуш а, орам-стом кхуьуш а. Сов хи зуламе ду картолан.
Латтан тӀехулара дакъа а, орам-стоьмаш а кхиарна йойу дукха аьхна хӀуманаш, башха дукха вегетацин массаш тӀекхуьуш а, орам-стом кхиа болало а муьрехь. 1 га тӀера 200—250 ц картол кхиъча латах схьадолу 100—175 кг азот, 40-50 кг фосфор, 140—230 кг калий.
Уггаре картолан дика латта — Ӏаьржа латта, байн-къовкъарбесара, сира хьаннийн, якъийна торфан уьшал; механикин хӀоттамца — гӀум-латта, яйн а, йуккъера а сацкъар-гӀум. Картолан латта семса хила деза: детта латта тӀехь кхуьу кегийра а, ситтина а орам-стоьмаш.
Уггаре дика лаьттан туьха калийн туьха, цул тӀаьхьа даьӀахкан дама, кира, гамаш (муста хила ца еза, масала, киранца ийна). Азотан туьха латтера совдалар дика дац, хӀунда аьлча орам-стоьмашна иэшам беш бецаш кхуьу.
Картолан генетика
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дукхаха йолу лело картолийн тайпанаш тетраплоидаш ду хромосоман барамца 48 (2n=4x=48). Цуьнга хьаьжжина, картолан гаплоидан гуламан йукъайоьду 12 хромосома. Геноман барам бу 844 Мб гергга. Лелочу тайпанийн амалехь йу лакхара гетерозиготалла, цара бала хьоьгу Инбредан депрессица, ткъа иштта тайп-тайпана фитопатогенашна а, зуламхошна а экаме хиларца. Оцу амалша тетраплоидица цхьаьна классикан картолан селекцин новкъарло йо[6]. Картолан геном секвенаци йина 2011 шарахь Картолан секвенаци йаран дуьненайукъарчу консорциуман ницкъашца. Оцу консорциуман йукъахь йара тайп-тайпанчу мехкашкара, царна йукъахь россера а, 16 Ӏилманан тоба[7].
Кепаш а, бухара тайпанаш а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏаламан хьолашкахь хаало 10 гергга тайпана картол[8]:
- Solanum tuberosum subsp. andigenum (Juz. & Bukasov) Hawkes
- syn. Solanum andigenum Juz. & BukasovКеп:Базионим
- syn. Solanum andigenum f. guatemalense Bukasov
- syn. Solanum subandigenum Hawkes
- Solanum tuberosum var. aymaranum (Bukasov) Ochoa
- Solanum tuberosum var. bolivianum (Bukasov) Ochoa
- Solanum tuberosum f. ccompis (Bukasov) Ochoa
- Solanum tuberosum f. cevallosii (Bukasov) Ochoa
- Solanum tuberosum var. chiar-imilla (Bukasov & Lechn.) Ochoa
- Solanum tuberosum var. longibaccatum (Bukasov) Ochoa
- Solanum tuberosum f. pallidum (Bukasov) Ochoa
- Solanum tuberosum var. stenophyllum (Bukasov) Ochoa
- Solanum tuberosum subsp. tuberosum
- syn. Solanum tuberosum var. guaytecarum (Bitter) Hawkes
Картол йаржар а, истори а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Картолан даймохк — Къилба Америка, цигахь хӀинца а каро тарло акха евлла картолаш. Картол лело йолийна (юьхьанца акха картол гулъеш) 9—7 эзар шо гергга хьалха Боливин хӀинцалерачу махкахь[9]. Индахоша картол йиина ца Ӏаш, Ӏибадат а дора цунна.
ЧӀагӀдо, инкийн рузманехь хьесап хилла дийнан хан билгалйоккхуш: хан йустуш хилла картол кхехкоран оьшучу хенаца, ткъа иза цхьа сахьт гергга хилла. Аьлча а, Перухь олуш хилла: картолах кхача бан оьшучул хан дӀайаьлла[10].
Европе (Испане) картол дуьххьара чуеина, хетарехь, Сьеса де Леона 1551 шарахь, ша Перура цӀа воьрзуш. Дуьххьарлера картол кхачанехь лелоран тешалла Испанера ду: 1573 шарахь картол Севильяра Иисусан ЦӀийн дарбанан цӀенна эцначу сурсаташна йукъахь йу[11]. Цул тӀаьхьа культура йаьржира Италехь, Бельгехь, Германехь, Нидерландашкахь, Францехь, Йоккха Британехь, кхин европин мехкашкахь. Хьалха картол Европехь тӀеийцира декоративан ораматаш санна, цу тӀе дӀевше а йолуш.
Пармантье Антуан Огюста чеккхенца гайтина, картолан мерза чам хилар а, лакхара дааран хьолаш хилар а. Цуо кховдорца картол йаьржина Францин провинцехь, тӀаьхьа кхечу мехкашкахь а. Пармантье дийна а волуш картоло Францехь мацалла иэшийра, цинга дӀайаьккхира. Пармантьен сий деш масех картолах дина масех дааран цӀе тиллина.
Картол ца кхиар бахьнехь, фитофтороз йеш йолу патогенан Phytophthora infestans микроорганизман Ӏаткъамо йира массийн мацалла, иза йаьржира Ирландехь XIX бӀешеран йуккъехь. Кхин бахьна дара, гӀайрен тӀиера коьрта сурсат — кӀа — арадоккхуш болу ингалсхойн геноцидан политика, цуо меттах бехира бахархой Америке дӀабаха, цара кхоьллира уггаре йаккхийчех АЦШ диаспора.
Россехь картол йукъайалар доьхку Пётр I-чун цӀарца, цуо XVII бӀешо чекхдолуш коьрта шахьаре яийтина цхьа гали орам-стоьмаш Голландера, губернешка кхио дӀасаяхьийта аьлла. ТӀаьхьуо, 1758 шарахь, Петарбухан Ӏилманийн академис зорба туьйхира йаззам «Лаьттан Ӏежий кхиорах» — Россехь хьалхара Ӏилманан йаззам картол кхиорах болу. КӀеззиг тӀаьхьа картолех йаззамаш зорба туьйхира Я. Е. Сиверса (1767 шо) а, А. Т. Болотова (1770 шо) а[12]. Амма XVIII бӀешеран дохаллехь Россехь картол массашкахь ца йаьржира: оьздангаллин-динан бахьна доцуш, дукха шорта меттигаш йу дӀоьв хилла «шайтӀан Ӏежех», цундела Российн дукхах болчу ахархоша картол еххачу хенахь тӀе ца ийцира.
ТӀаккха а, граф Киселёв Павела бинчу белхаш бахьнехь, 1840—1842 шерашкахь картолан йелла майда сихха шорйала йолайелира: 1841 шеран 24 февралан «Картол лелор даржорах белхах» цӀе йолчу омарца губернатораш декхарехь бара правительствон рогӀехь чот йан керла культура дӀаеран майданаш шорйарх. Йерриг имперехула дӀасабахьийтира ткъе итт эзар маьхаза хьехам, картол нийса дӀаерах а, кхиорах а.
Правительствон жигара белхаша йуьхьанца далийра «картолан бунтан» тулгӀене, цу тӀе керлачух болу халкъан кхерам боькъура дешна болу славянофилаша а. Масала, сту йолчу Голицына Авдотьяс «шен дуьхьало къуьйсура гӀоьртина шовкъаца, цунах чӀогӀа самукъадаьллера йукъараллин». Цуо хьедира, картол «сий дайар ду оьрсийн къоман, картоло талхора йу хьераш, талхора йу дайшкара охьайогӀу, дала Ӏалашйо вайн бепиг а, худар а дуучеран дика амалш»[13].
Амма тӀаьхь-тӀаьхьа Николай I-чун заманара «картолан революци» аьттонца чекхйелира: XIX бӀешо чекхдолуш Россехь картоло дӀалаьцнера 1,5 млн га майда, ткъа XX бӀешо долалуш и хасстом Россехь лорура «шолгӀа бепиг», аьлча а коьртачех цхьа кхачан сурсат.
Картол лелайо бараман климатан зонехь дерриг дуьненахь; картолан орам-стом алсама кхачан дакъа ду къилбаседа эхиган къаьмнийн (оьрсийн, белорусийн, полякийн, канадхойн). ВКЪКХ дааран сурсатийн а, йуьртабахаман а кхолламо кхайкхийна 2008 шо «Дуьненайукъара картолан шо»[14]. 1995 шарахь картол хилира космосехь дуьххьара кхиийна стом[15].
Химин хӀоттам а, дааран мехалла а
[бӀаьра нисйан | нисйан]ЦӀан йанза картолан керла орам-стоьмаш Дааран мехалла 100 г сурсатехь | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Энергетикан мехалла 73 ккал 305 кДж | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Хьост: USDA Nutrient database |
орам-стоьмийн химин хӀоттам боза сортах, кхиоран хьолех (климатан, хенан-хӀоттаман, лаьттан тайпанах, лело лаьттан туьханех, латта лелоран агротехникех), орам-стоьмаш хилла бовларх, Ӏалашйаран хенах а, хьолех а, кхин а.
Йуккъера картолехь ду (%): хи 75; крахмал 18,2; азотан хӀуманаш (аьрга белокаш) 2; шекарш 1,5; клетчаткаш 1; даьттанаш 0,1; титран мусталлаш 0,2; фенолан Ӏаламан хӀумнаш 0,1; пектинан хӀумнаш 0,6; кхин органикан иэдарш (нуклеинан мусталлаш, гликоалкалоидаш, гемицеллюлозаш, кхин а) 1,6; минералан хӀуманаш 1,1. Картолан сорташ билламе къастайо йукъахь йекъа хӀуманийн лакхара (25 % сов), йуккъера (22—25 %), лахара (22 % кӀезиг) барам хиларца.
Крахмал ду 70—80 % йерриг йекъачу хӀуманех. Крахмал лаьтта клеткаш чохь гӀатлин крахмалан буьртиийн кепара барам 1 - 100 мкм, амма дукха хьолахь 20—40 мкм. Крахмалан барамбозуш хуьлу сортийн сиха кхиарх, тӀаьхьа кхуьучеран лакхара хуьлу иза.
Латторан процессе хьаьжжина орам-стоьмашкара крахмалан барам лагӀло шекарашка кхаччалц гидролитан декъадалар бахьнехь. Алсама охьадолу крахмал лахара температурашкахь (1—2 °C). Картолан шекарш гойту глюкозо (дерриг шекаран 65 % кхаччалц), фруктозо (5 %), сахарозо (30 %), кӀеззиг мальтоза а нисло, дукха хьолахь картол йолучу хенахь. Цхьаьна могӀарехь паргӀата шекаршца картол йукъахь хуьлу фосфорийн шекарийн эфираш (глюкозо-1-фосфат, фруктозо-6-фосфат, кхин а).
Йуккъара орам-стоьмашкахь хуьлу
- хиш — 76,3 %
- йекъа хӀумнаш — 23,7 %, царна йукъахь
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ См. ссылку TPL в карточке растения.
- ↑ Todo sobre la patata. www.historiacocina.com (2005 шеран 4 май). — История картофеля в датах. ТӀекхочу дата: 2009 шеран 12 ноябрь. Архивйина 2011 шеран 23 августехь
- ↑ Carl von Linné Species plantarum, 1753 Vol.1 p.185
- ↑ Этимологический словарь Фасмера
- ↑ Барабанов Е.И. Ботаника: учебник для студ.высш.учеб.заведений. — М: Издательский центр «Академия», 2006. — С. 331. — 448 с. — ISBN 5-7695-2656-4.
- ↑ Potato Genome Sequencing Consortium et al. Genome sequence and analysis of the tuber crop potato (en) // Nature. — 2011. — Vol. 475, no. 7355. — P. 189—195.
- ↑ Potato Genome Sequencing Consortium (инг.). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 15 март. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 24 июлехь
- ↑ См. ссылку TPL в карточке растения"
- ↑ Lost Crops of the Incas: Little-Known Plants of the Andes with Promise for Worldwide Cultivation
- ↑ Бернабе Кобо. Кн. 12. Гл. XXXVII // История Нового Света. — Т. 3. (Архивйина 2012 шеран 11 июлехь).
- ↑ Монтанари Массимо. Голод и изобилие. — М., 2009. — С. 129.
- ↑ Бердышев А. П. Андрей Тимофеевич Болотов: Первый русский учёный агроном. — Госсельхозиздат. — М., 1949. — 184 с. — 25 000 экз.
- ↑ s:Старая записная книжка 181—190 (Вяземский)
- ↑ Международный год картофеля
- ↑ ГлавРецепт. Ру «10 интересных фактов о картофеле» Архивйина 2013-09-28 — Wayback Machine
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Всё о лекарственных растениях на ваших грядках / Под ред. Раделова С. Ю.. — СПб: ООО «СЗКЭО», 2010. — С. 25—28. — 224 с. — ISBN 978-5-9603-0124-4.
- Мамонов Е. В. Сортовой каталог. Овощные культуры. — Москва: ЭКСМО-ПРЕСС, Лик Пресс, 2001. с. 430—486
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Solanum tuberosum Викилармехь |
- Картол — хӏара Советан йоккхачу энциклопеди чуьра йаззам бу. (Хьаьжина 13 ноябрехь 2009)
- Статья о картофеле в энциклопедии «Кругосвет»
Фильмографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]- «Картолан истори» (инг. The Potato Story) — ORF 3 Sat & MR-FILM телекомпанис 2008 шарахь йаккхина документан фильм.